С Днем чеченского языка!

25.04.2020

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь."Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шортаШа хууш волчунна вайн нохчийн мотт.Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!Мерза бу моз санна ша безачуннаЛаманан шовданал ц1ена бу и.Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнгаУслара даггара хестина и.Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецашДаима ша хилла нохчийн мотт бу.Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийлаДалхадеш, къийсамна г1иттийна цо.Нохчийн майралла, оьзда хийлаЗевнечу иллешкахь йекийна цо!Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,Хаалахь, декъазниг,- хьо чьалха вуй!                                  Ш. Арсанукаев

Источник: public_news