Вайнехан г1иллакхаш

04.03.2020

Вайнехан, хаза гIиллакхаш, лехьийна а, гулдина а ца валлал шорта ду. Царех коьртаниг, воккхаха ларар ду. Вай дайша алара: "Шеца иман доцчунгахь - гIиллакх ца хуьлу. ГIиллакх доцчунгахь - оьздангалла ца хуьлу. Оьздангалла йоцчунгахь - яхь ца хуьлу. Яхь йоцчунгахь - доьналла ца хуьлу. Доьналла доцург - комаьрша ца хуьлу. Комаьрша воцург - стаг вац" -олий.

"Вайнехан г1иллакхаш" бохучу темина лерина Пачхьалкхан  бюджетни школал хьалхарчу дешаран учреждени №1 «Нажи-Юьртан муниципальни кIоштан Гилна юьртан берийн беш «Жайна»» д1аяхьира мероприяти.

 

1алашо: Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар. Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш а, уьш ларда дезарх кхетош - кхиор.

 

Мероприяти д1аяхьира Хастаева М.Ж.